Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна. Оха хастор ву Хьо иллешкахь Хьан сийлахь гІуллакхаш бахьанехь. хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Хин Іоврех хьоьгуш болу сай санна, сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела! Амма со, Веза Эла, Хьоьга кхойкхуш ву, сахуьлучу хенахь ас сайн доІа Хьуна хьаладоуьйту. Даудан назма. Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю, Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.
Выбор основного перевода