Харц бахьанашца сан мостагІий баккхий ма бейтахьа. Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бІаьргаш ма теІабайтахьа.
Сама а валий, суна гІоьнна дІахІоттахьа. Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалхā бехказаваккхахьа со.
ГІаттахьа, Веза Эла, вижина хІунда Іа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дІа ма тасахь тхо!