Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира, Іесанаш Ахьа хІаллакбира, абаденналц церан цІераш а дІаяйира. Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Хьан халкъо деш долчу доІанашна оьгІаз а вахана, мел Іийр ву те Хьо? ХІунда аьлча Веза Эла ву Шен хІусамера араволуш лаьтта тІехь бехачарна таІзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тІехь Іанийна долу цІий, кхин къайлабохур бац байина нах. Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар.
Выбор основного перевода