Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна, шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна. Шаьш лелочу харцонна кІелхьардовлар хир дуй те царна? Дела, Хьайн оьгІазаллица таІзар дехьа цу нахана. Шен цІе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тІехь Веза Воккханиг хилар дІахоийла царна. Дуьнен чуьра дІабовлийла массо а къинош летийнарш, Іеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам!
Выбор основного перевода