Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шаула Даудан цІа шен тІемалой бахийтира, цунна кІело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кІелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву». Тахана хьан бІаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тІе куьг хьур дац, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“. Коьллашкахь кІело йина Іуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кІело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дІалоцу цо. Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гІуллакхаш дечу а, Іесачу а нахаца хІаллак ма вехьа со. Ва Дела, харцонаш лелош берш Ахь хІаллакбахьара! ЦІий Іанор дезаш дерш, суна уллора шу дІадовла!
Выбор основного перевода