Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тІом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тІом ма белаш, хІунда аьлча цу тІехь шун толам хир бац». ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чІогІа а волу, тІамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву. Мила ву сийлаллин Паччахь? Массо а ницкъийн Веза Эла, Иза сийлаллин Паччахь ву. Холчу хІоьттинчу дийнахь дІахезийла хьо Везачу Элана, ларвойла хьо Якъубан Делан цІаро. Цуьнан гІепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина. ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Выбор основного перевода