Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела. Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чІогІа тешар делахь, шуьга хІокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Іаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду.
Выбор основного перевода