Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагІий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цІена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дІа ца верзийтархьама». Везачу Эло царна гІо а до, уьш лар а бо. Іесачарах Цо уьш паргІат а боху, царах Цо уьш кІелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела. Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хІунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву». Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гІалане Цийоне дІахьажал. Хьан бІаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чІагІдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац. Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца а, шайн сагІа доккхучу гунашна тІехь шайн паччахьийн декъий дІадохкарца а. ГІалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхІитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гІалин цІе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю». Далла гІуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тІаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“» Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гІалина гонах цІеран пен а хилла дІахІуттур а ву, гІала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“». «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоІ! ХІунда аьлча Со, дІа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. – Оцу дийнахь дукха халкъаш тІедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дІахІуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТІаккха хуур ду шуна Закри-ЯхІу-пайхамар шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.
Выбор основного перевода