Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш? ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Хьал долчун бахам чІагІйина гІала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хІоттийна боккха пен санна хета цунна. Хьалдолу Эла – сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хІара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
Выбор основного перевода