Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Іачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!» Хийрачу мехкашкара нах карзах хІунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хІунда лаьцна? Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг. Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо. Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чІагІо хилла дІахІуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гІап санна хир ву Иза. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало, тІаккха латта дІасадекъало. Лаьтта тІехь вехаш мел верг воьлху. Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло. Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна.
Выбор основного перевода