Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хин Іовраша, Веза Эла, хьалаойу, хин Іовраша шайн аз хьалаойу, хин Іовраша чІогІа гІовгІа йо. Амма дукхачу Іоврийн гІовгІанал чІогІа бу, хІордийн тулгІенийн гІовгІанал чІогІа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХІордана гонах гІамаран доза дІахІоттийнарг Со ву шуна! ХІорд оцу дозанал тІехбаьлла цкъа а дІасабаржийта мегар дац. ТулгІенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгІенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“. Малико соьга элира: «Шена тІехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.
Выбор основного перевода