Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ницкъболчеран секхаІад кагло! ЭгІаза верг ницкъ болуш хуьлу. Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а, турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тІеман гІирс а бохийна. Цо къаьмнашна юкъахь маслаІат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. ТІаккха Исраил-махкарчу гІаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цІе а латийна, цу цІергахь герз дагор ду – кегий а, даккхий а турсаш а, секхаІедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхІ шарахь шайн цІерашкахь дагор ду цара уьш. Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Іаддий, туррий, тІоммий дІабоккхур бу Аса цу лаьтта тІера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш. Цо дукха халкъашна юкъахь маслаІат дийр ду, генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац.
Выбор основного перевода