Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцІеначунна Цуьнан юьхь гур ю. Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан. Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта. Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла. ХІунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела. Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара.
Выбор основного перевода