Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза а аьлла, Бат-ШабаІ Сулим-паччахьна тІе яхара Адан-ЯхІус аьлларг дІадийца. Паччахь, хьала а гІаьттина, цунна хьалха охьа а таьІна, шен паччахьан гІанта тІе юха а охьахиира. Паччахьан нанна Бат-ШабаІна а деара гІант, тІаккха иза паччахьна аьтту агІор охьахиира. Делахь а, дІахозийла Хьуна сан доІа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доІанан а. Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гІарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а, Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а.
Выбор основного перевода