Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна. Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла. Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чІогІа а волу, тІамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Нийсо цуьнан хенаш тІера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода