Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХІунда аьлча Іахаро зуда яло хан тІекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла. Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.) Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Ас хьуна тІе хаза тІамарш йолу коч юьйхира, тІаьрсиган кІархаш а буьйхира, дуткъачу кІадин йовлакх коьрта тІе а тиллира, чилланан тІекхуллург а елира. Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тІехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. Гуш долчу хІуманашца хаздала ма гІерта: месаш Іалашъярца, дашо хІуманашца, хазачу духаршца. Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.
Выбор основного перевода