Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьйло, Далла хьалха охьатаьІар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахІуьттур вай. Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргІатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу. Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХІунда аьлча Іахаро зуда яло хан тІекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла.
Выбор основного перевода