Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегІах дохкуш. Сан синна хаало церан дІовш, Делан къематаш ду суна тІедерзийна. ХІунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тІехь долу Хьан куьг а дазделла. Цу дийнахь халкъашна тІехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хІаллакбийр бу Цо. Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ІиндагІехь Со Іалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Іад-батта чохь Со лар а вина. Со дІахьаьжча, суна кІайн дин гира. Цу тІехь, карахь Іад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТІаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо.
Выбор основного перевода