Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду. Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тІедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла». Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Хьан Іарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву. Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хІунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогІуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш.
Выбор основного перевода