Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІоргачу уьшал чохь висна со, тІе ког хІотто меттиг а яц суна. Хийн кІоргене чуваьлла со, цуьнан чехка дахаро дІавуьгу со. Язъелла суна тІехь Хьан дералла, Хьайн ерриге а тулгІенашца хьаьшна Ахьа со. Цо элира: «Со гІайгІанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тІаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цІогІа туьйхира ас, тІаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз. Шун чІоьнашкахь а, шун куьйгаш дІакхеттачу массо а хІуманна тІехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тІехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала. Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг, Цо, стигалара гІо а даийтина, со кІелхьарвоккхур ву, со лаца гІерташ берш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду. Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь! qac Иqac*нзаре нийса долу Хьан тІедехкинарш бахьана долуш Хьуна хастамаш бан хьалагІотту со буьйсанна юккъехь. Цийон-лаьмнаш тІе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза. Цигахь делла халкъана Везачу Эло Шен декъалдар: хедар доцу дахар. Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла, шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла.
Выбор основного перевода