Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
(ЦІаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Іаш болчу канаІанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тІехь Іаш болчу явсайхошна а, МицІпа-кІоштара Хьермон-ломан когашкахь Іаш болчу хьаьвихошна а тІе бахийтира цо шен нах. Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира. Язъелла суна тІехь Хьан дералла, Хьайн ерриге а тулгІенашца хьаьшна Ахьа со. Шаьш дарбеллачу хенахь мостагІаша вай дийна доллушехь дІакхоллур дара-кх. Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гІораш а доьхкина, лаьтто дІакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Іин чуьра.
Выбор основного перевода