Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а. Хьайн серло схьаяийтахьа, Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа. Цара со дІавуьгийла, цара со хьалавоккхийла Хьан безачу лома тІе, Хьо Іаш волчу цІийне. Дела! Хьо сан Дела ма ву! Сан даго Хьо даим а лоьху! Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а. Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна, Хьоьга сатуьйсу ас. Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цІийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегІ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду. Церан ницкъ тІех совболу, уьш Цийонна тІехь Далла хьалха дІахІуьтту. Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама.
Выбор основного перевода