Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагІар а, я йий а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дІабелхош ю. Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тІорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маІаш а лоькхуш, схьадахьаш дара. Сан са дІадолуш доллу, баланийн денош тІекхаьчна суна. Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цІийнан керта а воьдура. Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дІалачкъа меттиг. Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу, иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а. Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цІе. Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тІехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тІе, исраилхойн Тарха тІе воьдучу стеган санна.
Выбор основного перевода