Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сатта а сеттина, охьатаьІна лела со, дийнахь сарралц гІайгІанехь лела со. ХІунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хІунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгІуш хила, хІунда аьлча аса кхидІа а хастамаш бийр бу Цунна, со КІелхьарвоккхург волчу сайн Далла. Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тІера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна. Дела дага а оьхуш, ас узарш до. Ойланаш а еш, сан са доьхна ду. qac Зqac*ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Іийр ву!» иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу! «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со.
Выбор основного перевода