Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхечу къаьмнех болчу наха хІунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бІаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цІий Іанорна Айхьа бекхам бийриг хилар. Ахьа Хьайн халкъана бІаьрхих дуьзна бепиг даийна, дуккха а бІаьрхиш а малийна Ахьа цунна. Бепиг санна, чим боу аса, ас молуш мел дерг сан бІаьрхиша дурдина. Кхечу къаьмнех болчара стенна боху: «Мичахь ву церан Дела?» Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича.
Выбор основного перевода