Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхахІатан тІаьхье иштта яра: Іамминадаб цуьнан кІант вара. Кхорахь Іамминадабан кІант вара. Асар Кхорахьан кІант вара. Шалума (иза вара Кхурин кІант, Кхура вара Аби-Асин кІант, Аби-Аса вара Кхорахьан кІант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цІийнан неІсагІина уллохь гІарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гІарол деш ма-хиллара. Кевнашкахь гІарол дан дІахІиттийнарш хІорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кІант Мишлам-ЯхІу. Иза Асайпан тІаьхьенах вара.
Выбор основного перевода