Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора. Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо, тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама. Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тІома кІел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоІаза. Мел чІогІа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тІемийн ІиндагІехь адамаша шаьш лардойту. Шен тІемашца дІахьулвина, Цо Іалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а. Шен сийлаллица со вахийтинчул тІаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дІа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоІбІаьргах дІахьакхавелла. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
Выбор основного перевода