Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цІена хилла дІахІуттур ву со. Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа. Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Іесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дІасацор ю аса. Веза Дела, Ахь зийна тхо, цІергахь лала а деш, цІандо дети санна, цІан ма дина Ахь тхо. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Цу заманахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхІудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хІунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса». И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
Выбор основного перевода