Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хІетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?» Цамгарша сан чкъор дІакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву. Суна сайна гур ву Иза. Сан бІаьргашна гур ву, тІаккха Иза суна хийра хир вац. Со хьаьгна ву иза хилийта! Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?» Хьан юьхь тІера серло тхуна лепийла, Веза Эла! Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кІа а, чагІар а церан шортта делахь а. Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцІеначунна Цуьнан юьхь гур ю. Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агІор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа. Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дІадоккхур ду.
Выбор основного перевода