Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деза детташ, къамелаш ма де, ма ала кІоршаме дешнаш! Веза Эла массо а хІума гуш ву. Нехан массо а гІуллакхашна нийсонца тІе а хьожу. иза шех тоам бина волу дела а, дозаллина севсина волу дела а. Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш, Делан лаамехь лелачарна дуьхьал кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. qac Кqac*урачийн дегнаш дерстина, мохь санна, ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу. Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».
Выбор основного перевода