Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дешнаш дІахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн. Сан гІуллакхна тІехь Ахь нийсонца кхел яйтира. Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Іарша тІе охьахиира. Дела, сан доІа дІа а хазахь, сан дехарх къайла а ма валахь. ДІахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам, бехьа, сан Дела, сан доІанан тергам. ДІахазахьа сан тийжам, гІора кхачийна-кх сан. Сайн мостагІех кІелхьарваккхахьа со, сол нуьцкъала бу-кх уьш. Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац.
Выбор основного перевода