Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан бераш царна хьалха дІахІиттина хуьлу, церан тІаьхье церан бІаьргаш хьалха хьалакхуьу. Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кІентий, церан кегий бераш дІасалелхаш ловзу. Байлахь висинчунна а, Іазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо, лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама. Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Шаьш дІакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догІмаш могуш а хуьлу. Адамийн гІайгІанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гІело а ца хьоьгу. Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дІалаьцна уьш, тІедухучу духаро санна, къизалло дІахьулбина уьш. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дІалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гІудалкхаш а ю. Айхьа сагІа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гІерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цІенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогІуш йолу ял иштта а дІакхаьчна шуна. «Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна. «Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хІунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дІагайта гІерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогІуш йолу ял дІакхаьчна шуна. ХІусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хІокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гІуллакх догІуш. Амма ИбрахІима аьлла: „Сан кІант! Дагадаийта, хьо муха Іаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаІзарна – дерриг вониг. ХІинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву.
Выбор основного перевода