Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц». Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тІера дІадовр ду. qac Оqac*лалла Хьан хедар доцу олалла ду, Хьан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду. qac Пqac*айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар. Дерриге а Шен гІуллакхашкахь тешаме ву Иза. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода