Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеІар а Цо юхадаьккхича, эццахь дуьнен тІехь мел долу адам, хІаллак а хилла, чан хилла дІахІуттур дара. Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хІаллакйо халкъийн Іалашонаш. Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дІадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дІа а довлу. Массо а цхьана метте дІавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю. Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?» ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегІ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.
Выбор основного перевода