Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тІевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тІедуху хІума а ло цунна. Байлахь бисинчеран Да а волу, бисина Іачу зударшкахьа ГІодоккхург а волу Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цІа чохь. Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло, ткъа Іесанаш лаьтта кхаччалц охьатаІабо.
Выбор основного перевода