Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоІуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхІазза бер до, ткъа дукха кІентий болуш хилларг синца эшна ю. Везачу Эло боху: «ГІоттур ву Со мискачара хьоьгучу Іазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кІелхьардовлар лур ду Аса царна». Цхьа бисинарш а Дала хІусамаш чу дІатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргІатбоху. Ткъа Цунна муьтІахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу, ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза. Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь шайна кхача баларе сатуьйсу. Цо хьогуш верг Іаба а во, меца верг диканца вуза а во. Цхьаберш Іаьржачу боданехь бехаш Іаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гІайгІанехь а болуш, Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,
Выбор основного перевода