Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! ГІо дехьа тхуна мостагІех тхаьш лардайта, хІунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гІо. Везачу Эле ша ларвайтар гІоле ду, адамех тешна хуьлучул. Везачу Эле ша ларвайтар гІоле ду, элех тешна хуьлучул. Стагах бІобулий ма Іе – мерІуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тІетовжа йиш юй ткъа? Иштта боху Везачу Эло: «НеІалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гІортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дІадаьккхина лелаш волчунна.
Выбор основного перевода