Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тІехь мел долу хІума а кхоьллина! Ахьа хІордаш а, цу чохь мел долу хІума а кхоьллина. Массо а хІуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Іибадат деш ду! ГІо оьшуш берш Везачу Эло ларбо. Со холчу хІоьттича, Цо со кІелхьарваьккхира. Вайга болу Цуьнан безам боккха ма бу, ткъа Веза Эла вайна даим а тешаме ву. Везачу Элана бу хастам! Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. «ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХІунда аьлча Цо кхел ен хан тІекхаьчна. Стигал а, латта а, хІорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Іамал елаш».
Выбор основного перевода