Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хастам бе Везачу Элана, дечиг-пондар локхуш, ала Цунна иллеш итт мерз болу пондарца. Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу. итт мерз болчу дечиг-пондар тІехь а, хаза аз долчу дечиг-пондар тІехь а. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа.
Выбор основного перевода