Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, Ас шен хеннахь догІанаш доуьйтур ду шуна, тІаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. Кемсаш схьайоху хан тІекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дІаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргІат Іийр ду шу. Шун махкахь машар хІоттор бу Ас. ПаргІат дІадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тІера дІалохкур ю Ас, тІом шун махкахь кхин могуьйтур бац. Шайн мостагІий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш. Шух пхеаммо бІе эккхор ву, бІеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагІий. Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тІехь Со чІогІа лаьттар ву. Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дІакхуссур ду аша. ТІаккха Цо цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. ШолгІачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дІа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтІера валахь“, – аьлла.
Выбор основного перевода