Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу, ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду». Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ. Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза. Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Ирс долуш ву шен гІоьнча Якъубан Дела верг, шен Везачу Делах бІобулуш верг.
Выбор основного перевода