Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чІагІо волу, со кІелхьарвоккху Дела. Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Ахьа суна тІом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина. Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтІахь дийриг а, Ешна кІел йогучу коьллех цІе латале, ховха я екъа уьш елахь, йилбазмохо дІасаяржийна коьллаш санна уьш хуьлийла. Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела! Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»
Выбор основного перевода