Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо. Овкъарна тІаьхьаваьлла лела иза, Іехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргІат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?» Везачу Эло чІагІо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагІашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагІар а мер дац, ахь шена тІехь болх бина долу. Амма яхІудхойн паччахь кІелхьарвер вац, хІунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».
Выбор основного перевода