Іожалла тІейоуьйту Цо, Шен гІирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тІехьажадо.
Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гІовгІа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кІегий серладевлира
Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагІий дІасалаьхкира. ЧІогІа ткъес а тоьхна, Цо уьш дІа ма бовдийтира.