Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло лакхенгара, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кІоргачу хи чуьра схьаваьккхира. Сох лаьцна шайна дІа-ма-хеззи, суна муьтІахь хуьлу уьш. Кхечу мехкашкара нах суна хьалха хьестало. Даг чохь болчу кхерамо гІора дІадаьккхинера церан, цундела, бега а беш, шайн чІагІонашкара арабуьйлура уьш. Ва Дела, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш. Со кІел ца висийтархьама, уьшал чуьра хьалаваккхахьа со. Соьга безам боцучех а, кІоргачу хих а кІелхьарваккхахьа со. Дистина тІедогІучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай.
Выбор основного перевода