Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хІинца, Веза Дела, Хьо Іийр волчу метте дІахІоттахьа – Хьо а, Хьан нуьцкъалаллин тІорказ а. Хьан динан дай кІелхьарбахар, духар санна, тІедуьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш Хьан диканах баккхийбеш хуьлийла. Веза Дела! Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тІера дІа ма ерзаехьа. Дагадаийтахьа Хьайн лай волчу Даудана Ахьа Хьайн безам кховдийна хилар». Шаьш тІорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГІаттахьа, Веза Эла! ХІаллакьхуьлда Хьан мостагІий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!» Ткъа шаьш садаІа севцча, деза тІорказ цара дІахІоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тІе!» Шеца бинчу бертан тІорказ Цо йийсаре дІаделира, Шен сийлаллин билгало мостагІийн кара дІаелира.
Выбор основного перевода