Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгІазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу». Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тІаьхье елира. Цул тІаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кІант велира, ткъа Ярушалайм-гІала Дала чІагІйира. Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цІа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло. Сан тешам а, Сан безам а цуьнца хир бу, Со цуьнца хиларна, цо толамаш бохур бу. «Цу дийнахь Ас Исраилан халкъана цуьнан ницкъ юхаберзор бу. Ткъа хьо, Яхьазкхиал, Ас цаьрга маьрша вистхуьлуьйтур ву. ТІаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха,
Выбор основного перевода