Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Падан-Арамера схьавогІуш, КанаІан-махкахь Эпрати цІе йолчу гІалина тІекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дІайоьллира ас иза». Кхиръят-ЯІарим-гІаларчу бахархоша Везачу Элан деза тІорказ, схьа а эцна, гуна тІехь лаьтташ долчу Абинадабан цІа чу схьадеара. Цул тІаьхьа цуьнан кІант ЭлиІазар Везачу Элан тІорказна дола дан къобалвира. ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара волчу эпратхочун Юшайн кІант вара Дауд. Юшайн бархІ кІант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чІогІа хан яьлла стаг вара. Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза. Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Іинна тІе кхаччалц, Кхиръят-ЯІаримера Делан тІорказ схьадархьама.
Выбор основного перевода