Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Ткъа хІинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара, товрат-хьехамца а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чІагІо йина Сайн ялхо волчу Даудана: „Абаденналц Аса хьан тІаьхьенах стаг паччахь вина дІахІоттор а ву, массо а тІаьхьенашкахь хьан паччахьан гІант Аса лоттуьйтур а ду“». Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац, Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дІавоьрзур вац. Везачу Эло чІагІо йина, ткъа цунна тІера юха ца волу Иза: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, Иза пайхамар вара. Дала цунна чІагІо йинера, цуьнан тІаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла.
Выбор основного перевода