Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цІа чу вер ву, гора а хІоьттина, Хьан дезачу цІа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цІийнан керта гІо вай». Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм
Выбор основного перевода